Ответ:
Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю
Copyright © 2024 SCHOLAR.TIPS - All rights reserved.
Answers & Comments